Оьрсийчуьра Карабахе хьовсийначу машарбархойн буьйранча ву Дагестанера схьаваьлла инарла Мурадов Рустам
Цо бахарехь, 15-гIа шакъаьстина йолу гIагIадиллина бригада ю конфликтан зоне хьажийнарг. I960 эскархо а, 552 техника, гIирс а дIакхачийна 250 кеманийн рейсашца, хаийтина Шойгус президентана.
Лачинан Уче, Карабах Арменех дIатуху чIаж, ерриг а цIанйина оьккхучу герзах, хадан долийна цигахь Оьрсийчоьнан ницкъаша.
Машарбаран контингент шен караеллачу инарлас Мурадов Рустама (къомах – табасаранхо, Дагестан) довзийтина эскар дIакхаьчначу меттигашкара хьал – бина барт ларбеш ю Азербайджан а, Эрмалойчоь а.
Карарчу беттан 10-чу буса кхаа декъашхочо (Оьрсийчоь, Азербайджан, Эрмалойчоь) барт бира конфликт йижо, тIом сацо. Документо Оьрсийчуьра 2 эзар эскархо машарбаран миссица дIатарван магадо Карабахан дозанашца.