Пандемин рогIера де: Къилбаседа Кавказехь 7 стаг велла, 380 цомгуш хилла
Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаам. Цуьнан статистико гайтарехь, Дагестанехь а, Ставропол-махкахь а кхелхина кхоккха пациент, Краснодар-махкахь – шиъ. Юьхьанца дуьйна пандемих велла Къилбаседа Кавказехь 1088 стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтан а, коронавирус яьржичхьана схьа долу а терахьаш:
Ставропол-мохк +105 (9699)
Краснодар-мохк + 90 (9642)
ГIалмакхойчоь +52 (3173)
Дагестан +49 (9861)
ГIалгIайчоь +21 (3954)
Адыгей +20 (3055)
ГIебарта-Балкхаройчоь +16 (6174)
Кхарачой-Чергазийчоь +14 (4589)
Къилбаседа ХIирийчоь +8 (4650)
Нохчийчоь +5 (2170)
Официалехь Къилбаседа Кавказехь юхьанца схьа коронавирусах цомгуш хилла лору 56 581 стаг. Ткъа ерриг Оьрсийчохь - 907 758 стаг.