Дуьненчохь коронавирусан ун даьллачийн терахь 14,7 миллионе гIоьртина
COVID-19 вирусо зен динчу пачхьалкхашлахь ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ (3,8 миллин ву ун даьлла). ШолгIачу могIарехь язйина ю Бразили (2,1 миллион стаг), кхоалгIа меттиг дIалоцу ХIиндойчоьно (1,1 миллион). 373,6 эзар ун даьлла стаг волчу Къилбаседа-Африкан Республикел а хьалха ю Оьрсийчоь (776,2 эзар).
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь 5940 вахархочуьнца къаьстина коронавирус. Верриг а 777 486 пациент ву инфекцица пачхьалкхехь. Царех 553 эзар пациентана гIоле хилла, 12 427 ву кхелхинарг.