Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь уггаре кIезиг харжамхоша кхаьжнаш тесна регион ю ГIалгIайчоь
Оьрсийчоьнан Конституцин хийцамийн хьокъехь кхаьжнаш тосуш Къилбаседа Кавказехь дакъалаьцна ах сов харжамхоша. Иштта бу Оьрсийчоьнан харжамийн коьртачу комиссин хаам.
Товбецан-беттан 1-чу дийнан делкъехь лаккхара гайтамаш бара кхьажнаш тасарца Нохчийчохь (массанхьачул а лакхара ду Оьрсийчохь цигара терахьаш), Къилбаседа Кавказехь уггаре лахара ду дакъалацархойн терахь ГIалгIайчохь.
Нохчийчоь - 85,89%;
Кхарачой-Чергазийчоь – 75,54%;
Къилбаседа ХIирийчоь – 74,65% ;
Дагестан – 74,09%;
ГIебарта-Балкхаройчоь – 71,89%;
Краснодар-мохк – 71,18%;
Адыгей – 69,36%;
Ставропол-мохк – 63%;
Г1алмакхойчоь – 65,61%;
ГIалгIайчоь – 55,96%.
Товбеца-беттан 1-чу дийнан делкъана 12 сахьт даьлча Оьрсийчохь кхаьжнаш теснарш бара 57,43% харжамхой.
Кхаьжнаш тесна пхи де далале хууш хир ду, низамца а догIуш, харжамийн жамI.