Хьаьнца, хIун къуьйсу Дижонехь нохчаша?
![Хьаьнца, хIун къуьйсу Дижонехь нохчаша?](https://gdb.rferl.org/55b6fcd9-9d1a-4cd0-9450-e95828949c90_tv_w800_h450.jpg)
Масех де ду Францерчу Дижон гIалахь Алжирера а, Мароккора а схьабевлла кегийнах нохчашца девне бевлла. Дерриг а доладелла 16 шо долчу нохчочунна йиттинчул тIаьхьа. ГIалахь наркотикаш юхкучу наха дина и зулам, аьлла, гIалин юккъехь лаьттачу кальян-баран дайх летта нохчий. Цул тIаьхьа дIасабахна. Амма эццахь гIалахула талораш дан буьйлабелла нохчашна дуьхьаллаьттарш. Цигара хьал машарца дерзо гIерта нохчийн Францерчу диаспорин куьйгалхой. "Барт-Маршо" юкъараллин лидера Сулейманов Джамбулата довзуьйту Дижонера хьал.