Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу бахархошлахь 268-ца карийна коронавирус
Охан-беттан 21-чу дийнан хаамашкахь коронавирус яржарна дуьхьалоечу Оперативан штабо гайтина тIаьххьарчу дийнахь-буса регионашкахь ун гучудаьллачу нехан терахьаш.
ГIалгIайчоь - 46 (354 ерриг а хенахь) Краснодар-мохк - 44 (461 ерриг а хенахь) Дагестан - 40 (371 ерриг а хенахь)
Нохчийчоь - 39 (303 ерриг а хенахь) Къилбаседа ХIирийчоь - 32 (211 ерриг а хенахь) Ставропол-мохк - 22 (266 ерриг а хенахь) Кхарачой-Чергазийчоь -19 (106 ерриг а хенахь) ГIебарта-Балкхаройчоь -18 (170 ерриг а хенахь) Адыгей - 8 (108 ерриг а хенахь)
Верриг а уьно лаьцнарг ву Къилбаседа Кавказехь 2350 стаг.
Оьрсийчохь, Оперштабо бахарехь, 52763 вахархочуьнца хааелла COVID-19.