Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

Европера нохчийн диаспора: барт лехар, цIадерзар, къийсам латтор

Европера нохчийн диаспора: барт лехар, цIадерзар, къийсам латтор

Пейсахова Анна

Муха беха, стенах уьду, хIун лаьа нохчашна

МухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу Европан кхеташоно далочу терахьашца, 2003-чу шарера дуьйна схьа Оьрсийчуьра бевдда, Европехь баха хевшинчу нехан диаспора ю уггаре яккхийчехь, оцу нахах 90% бу нохчий. Бац и болам соцуш а. Iазап Iорадоккхучу Европан комитето стохка дIахьедира, Нохчийчохь лагIлуш дац Iедало наханна тIе куьг кхехьар, уьш лецар, аьлла.

Кеп-кепара болчу хаамашца, 150-200 эзар нохчо веха Европехь. Дуьнене, дахаре болчу хьежамашца уьш боькъийла ду массех тобане.

Цхьаберш йозуш йоцчу Нохчийчоьне-Ичкеригахьа бу. Ханна баккхий болучара безамца дагалоьцу «тIемаш боцчу шерашкахь» шайна яйна маршо. Кхечара – уьш дукха а ца бисина – сатуьйсу Кавказ-Имарат меттахIоттаре. Доккха ду салафийан дакъа. Дин бахьанехь шаьш ловчу Iазапах бевдда уьш даймахкара. Массарех а къаьсташ тоба ю кхин цхьаъ а  - паргIат, низаме дахар дезачу, цIера Нохчийчуьра белахь а, кхетамца Советан пачхьалкхера болчу нохчийн тоба.

«Нохчийн кхо Iедал»

Историк, юкъараллин жигархо, «Барт-Маршо» организацин куьйгалхо Сулейманов Жамбулат теша йозушйоцчу Ичкерех, иза денъяларе са а туьйсу цо. Шен ойланца болу нохчий цхьана байракхна кIел бахкаре дог дохуш, къахьоьгуш ву иза карарчу хенахь. Оцу Iалашонца ши бутт хьалха Страсбурге кхайкхира цо Ичкерига ларамболу нах, лидерш – Европерчу нохчийн Ассамблея вовшахтоха.

«Кхо Iедал ду нохчийн Европехь. ХIораммо а боху ша лигитимехь ду. ХIораммо а боху шегахь бен яц Нохчийн Республикан цIарх низам латто бакъо. Уьншерахьлерчу паччахьаша санна къуьйсу Iедал дIалело бакъо. Закаев Ахьмадехь ю министрийн кабинет, Идигов Ахьъядехь – Iедалан президиум, ткъа Сараляпов Жалавди ву парламентан хьалханча. Барт ца хуьлу оцу массарна юкъахь. Iаткъаме ду лаьтта хьал. Политикаца йолчу проблемаший, дакъошка уьш бекъабелла хьийзарой сагатдойту могIарчу нохчашка. Цундела дара тхо и кхо агIо цхьаьнатоха гIертар», - дуьйцу Сулеймановс.

Цо бахарехь, цхьа Iалашо, цхьа кхетам бу кхаа а агIонан. Башхалла ю лидершца, Iедал хьан хьанга дIадала деза бохучуьнца. Историк волчу Сулеймановна хетарехь, 1992-чу шарахь халкъан референдумехула тIеэцначу Ичкерин Конституцина гонах цхьаьнакхета еза и агIонаш.

Президентан воI

Норвегехь веха халкъо хаьржинчу президентан Масхадов Асланан кIант Масхадов Анзор. Поликаца гIуллакх догIуш вац иза. Амма цунна хетарехь, Европера нохчашна даймахка дIабаха оьшу цIахь маршо хир юйла хаар а, тIом боцу хьелаш а. «Нохчий зама ларъеш Iа. 1944-чу шарахь махках даккхича сагатдинчу къомо санна, сатуьйсу цара даймахке. Нах теша и хан цхьана дийнахь тIехIуттург хиларх», - боху цо.

 

Масхадов Анзорна доккха гIалат хета 20 шарахь мухIажиралла ловш болу нохчий махкал арахь гарабевлла хьийзар. «Кхузахь тхан и барт хиларх кхоьру Кремл, хIума ца кхоадо иза тхуна юкъара бохош. ТIаьхьалонан ойла цаяр, кегий хIуманаша юкъайоьллина вас шайца кхабар, цхьа а цхьаммо а Iедалан да цаларар ду юкъара барт эгIийнарг. Сан кхетамехь, дайа йиш йолуш дац хIинццалц схьа динарг, цунах пайда а оьцуш, бертахь, замане хьаьжжина, цхьаьна хьалха дIагIерта беза лидерш», - аьлла го цунна Европерчу нохчийн тIаьхьало.

Маршонан дуьхьа вала а кийчаверг

Ибрагимов Сайд-Эми Нохчийчохь зIенан министр вара Советан Iедал духуш. Оццу даржехь Iийна маьрша Ичкери кхайкхийначул тIаьхьа а. ЕвроБертан хьукматашна хьалха дуккхаза а вуно еха заманаш яьхьина цо мацалла лаьцна, нохчийн къоманна тIехь Iазап латторна Оьрсийчоь а, цуьнан президент Путин а кхелеозор доьхуш. Иза тешна ву, даймахках даьккхинчу Iедалан коьртехь лаьтта Закаев таро йолуш ву нохчий цхьана байракхна кIел бига бохучух. Иза ша а ву Закаевн гIовс. Нагахь санна Европера нохчий цIаберза йиш йолуш хан ягIахь, даймахкарчу церан къомо а къобалдийр ду Закаевн баьччалла, боху Ибрагимовс.

«Тхан Iалашо цхьаъ ю – маьршадовлар. Европехь кхиина чкъор хаза а хеташ хIуттур ду шен даймахканна къахьега. Тоьллачу институташкахь доьшуш ду бераш, меттанаш хаьа, дуккха а юристаш бу, пачхьалкх кхолла хуурш бу. Дацара хьалха нохчашкахь оццул хаарш. Бара Советан пачхьалкхо белла цхьа декъаза кхетам. Тхан къам маьршадаьлча, хуур ду цунна шен пачхьалкх ирахIотто, хир ю иза цивилан, кхузаман, дуьненна пайде, дуьнено а лоруш», - элира Ибрагимов Сайд-Эмис.

Хьалха хиллачух тера яц «Имарат»

2007-чу шарахь Умаров Доккас имарат кхайкхийра Кавказехь. Цхьацца республикашкарчу жамаIатех лаьттара иза. Оьрсийчоьно иза терроран организацийн могIара язйира, цара Кавказехь а, Оьрсийчохь а лелхийтарш дарна.

Имаратехь хилла нах лоьцу мур беара. Умаровн могIаршкахь а лаьттина, дийна бисинарг – дукха а бацара уьш – дехьабевлира Туркойчу а, Европе а. Прессо яздора, ши бIе имаратхо муххале а ву Германехь, цигарчу полицина вуйла а хууш.

ТIахьо Кавказ-Имаратан дукхахболчу бIаьхоша байIат дира Шемарчу ДАIИШна, бахара цигарчу тIаме.

«Кавказ-Имаратан агIончаш а бац цхьана политикана кIел. Кавказах юкъара пачхьалкх хиларе болу сатийсам кху замано айбина бац, вайна евза истори, дуккха а къаьмнаш тIеихина нохчашна, нохчаша а лелийна кавказхошца гергарло. Амма тешам байина шех Имарато, цуьнан бIаьхой Шема бахаро, уьш юкъабоьлла «Исламан пачхьалкх» къиза хьийзаро къахкийна царех халкъ. Имаратан некъ террор яра», - дуьйцу Сулейманов Джамбулата.

 «Со салафийа ву»

Дагестанера нохчо Ахьмад имам ву Белгерчу цхьана маьждигехь. Милениум тIекхаьчначул тIаьхьа дара цо Имаратна байIат дича.

"Со салафийа ву, динна тIевирзина веха даима а, политикан бала бац сан. Кавказхой даима а хилла тIеттIагIерташ, цундела ас къобалбира Имаратан некъ. Кавказан мехкашкахь гуттара а лаьттара «лерина операцеш», лоьцура нах, кегийрхой лечкъабора, хьийзабора, бойура. Сан лулахо а, нуц а, сан йишин майра, вешин воI а вийра ГIалгIайчохь, и тIом ца хеддаш лаьттара. Со тийшира Умаров Доккех. Амма сан кхетам керчира, цуьнан гоно, шаьш дина Москвахь лехийтарш, аьлча -2010-чу а, 2011-чу а шерашкахь. Иза дацара динца догIуш, дукха нах хIаллакбира», - боху Ахьмада.

ДIавахара цIера Ахьмад. Европехула ваьлла лийлира иза вехха, шена мухIажиран статус яллалц.

"Суна байна имаратхой Австрехь, Европан гIалахь беламе бара церан битамаш: ехха мажош, тIеман духар, салтийн эткаш кога йоьхна. Имаратах йолу ойла елла, халкъо тIе ца эцна иза, кавказхошна тхо «хьаннашкара», «лаьмнашкара» нах дара, кхоьрура тхох», - дуьйцу Ахьмада.

Салафийашкара хьал

Нохчийчохь, Кадыровн критикаш а санна, уггаре а лоьху, хIалладен дакъа ду салафийаш. Царех «вахабиташ» я «шайтIанаш» олу цигахь. Кавказехь даьржина долу вирдаш цара тIеоьцуш дацаре терра, гIелонехь бахкабо салафийаш.

ТаIзар кхачадо Кавказехь маж «нийса» йоцчунна, хечин когаш бацбиначунна, маьждигашкахь ламаз «харцхьа» дарна.

Салафийашна ечу гIелонех лаьцна дуккха а дийцина бакъоларъечу «Мемориал» центро. ТIаьххьарчу 20 шера чохь цара буьзина Европерчу мухIажирийн могIарш. Германехь Гитлера жуьгтий хьийзорца дусту эксперташа цаьргара хьал.

Салафийашна хала ду Европехь тховкIело каро – царалахь террорхой нисбаларна кхоьру пачхьалкхаш.

Бундестагехь – нохчийн йоI

МухIажирийн кхин а цхьа дакъа. Европера Iадаташ, кхетам тIеэцна нохчий. ЕвроБертаца шайн дахар доьзнарш.

Германехь массарел дукха евза нохчо ю 29 шо кхаьчна Бах Бэла. Дукха хан йоццуш пачхьалкхан бундестаге депутат хаьржина иза, ю социал-демократийн партехь. Йина, кхиина иза Германехь, шерра хаьа цигара мотт, дика евза политика. Дуккхаза а гIиртина иза хIинца шега кхаьчначу декъе, чекхъяьлла парламенте тIаьххьара а ша ехачу Мюнхен гIалин бахархойн лаамца.

Политологна Кутаев Русланна гарехь, массо а кавказхошна масал ду Бах Бэла Европерчу пачхьалкхехь низамаш дохучу хьукмате кхачар: лаам хилча кхочуш дало дерриг а, демократино магадо.

«Даймахканна юьстах бехачу массо а кавказхоша деза деша, ирхенашка гIерта, нехан тешам леха, шаьш Iаьчохь оьшуш хила. Европехь яц вайна даха дуьхьалонаш. Хьо цигахь тIеэцнехь, бухарчу нехан паспорт хьуна деллехь, биллина бу массо а дика некъ, башха дац мел еха-йоца ю хьан хеча, ю хьуна тIехь хьиджаб я коч. Некъ боьллу хьан цIеначу амало, хьоьгарчу хаарша. Кхеташ ду, гонахарчу диаспорина а лаьа иштанаш, Iедале кхаьчча, шайна пайде хуьлийла», - хьоьху Европерчу кегийрхошна маршонах къастар мел къаьхьа ду Нохчийчуьрчу набахтехь зийначу Кутаевс.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

В Архангельской области деятельность по сбору вторсырья получит новые механизмы для развития



Здоровье

Почему люди боятся обращаться к психиатру?




Українські новини

Рушникосушки від Hygge Family: європейські стандарти якості на українському ринку



Новости 24 часа

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Game News

Garry's Mod is removing 20 years' worth of Nintendo-related items from its Steam Workshop following takedown request: 'It's Nintendo. Need more be said?'



Москва

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



News Every Day

Ramon Cardenas aims to cement his contender status agains Jesus Ramirez Rubio tonight



Авто

На западном объезде Южно-Сахалинска строят первый участок



Москва

Собянин: Москва предоставит новые меры поддержки промпредприятиям



Земфира

Сын Орбакайте и Преснякова посетил концерт Земфиры, закрыв себе дорогу в Россию



Москва

Паркинг на 300 машино-мест появится в ЖК «Новая Щербинка» Подольска



Арина Соболенко

Соболенко: я предпочитаю смотреть мужской теннис, а не женский



Москва

Более 100 студентов посетило СЛД Курск в рамках акции «Неделя без турникетов»



#123ru.net

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о господдержке многодетных семей



Симферополь

Жители Марий Эл с мая смогут дистанционно оформить ипотеку на жилье в Крыму 



Москва

Более 100 студентов посетило СЛД Курск в рамках акции «Неделя без турникетов»



Москва

Собянин: Искусственный интеллект станет базовой медицинской технологией в Москве



Москва

Ведущие «Авторадио» исполнили в Кремле культовую песню о самой масштабной стройке XX века



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Опыт проведения Всероссийской акции «Вода России» представлен на межведомственном заседании в Ташкенте





Путин в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о формировании взаимовыгодного международного сотрудничества


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко заявил, что не собирается проводить в Белоруссии мобилизацию




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Захарова: встречи по продвижению "формулы Зеленского" дают Киеву чувство вседозволенности


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Алла Пугачёва

Гитарист Пугачевой рассказал о проблемах со здоровьем певицы после Чернобыля



Москва

Подмосковье взяло бронзу на первенстве России по настольному теннису

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net