Ницца: Вайнаха юкъахь дIабаьхьира дагалецаман барамаш
![Ницца: Вайнаха юкъахь дIабаьхьира дагалецаман барамаш](https://gdb.rferl.org/ce90e1e5-1742-4719-ba1c-9d70bf86e0f9_tv_w800_h450.jpg)
Вайнах махкахбаьхначу дийнахь керла ламазан хIусам схьайиллина Ниццехь (Франци). Оццу меттехь берашна нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш хьеха дагахь а бу цигара жигархой. Чиллан-беттан 23-чохь шина а къоман хьалханчаша къоначу чкъурана довзийтира депортаци еш а, иза ловш а вайнаха хьегнарг.