Ницца: Вайнаха юкъахь дIабаьхьира дагалецаман барамаш
Вайнах махкахбаьхначу дийнахь керла ламазан хIусам схьайиллина Ниццехь (Франци). Оццу меттехь берашна нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш хьеха дагахь а бу цигара жигархой. Чиллан-беттан 23-чохь шина а къоман хьалханчаша къоначу чкъурана довзийтира депортаци еш а, иза ловш а вайнаха хьегнарг.