Немцов верна хан токхучу Дадаевс "ВКонтактехь" суьрташ даржийна
Оппозиционер Немцов Борис верна, набахтехь таIзар токхучу "Север" батальонан хиллачу хьалханчан Дадаев Зауран мобилан зIе а, интернете волийла а долчух тера ду аьлла, хаамбо "Муниципальный сканнер" хьосто. "ВКонтактерчу" цхьахйолчу аккаунтехь 2018-чу шеран Товбеца-беттан 3-чохь шен суьрташ зорбане даьхна цо. Даарх юьзначу стоьлан гонах ву Дадаев кхечу тутмакхашлахь. "Одноклассники" олучу социалан машанахь тIаьххьара лурчаха Товбеца-беттан 8-чу дийнахь хилла Дадаев.
2020-чу шарахь Чиллан-беттан 12-чохь къаьстина, Иркутскерчу Куйбышевскан кхелан сацамца лоьмар 3 йолчу колонера кхаа шарна набахте дехьаваьккхина хилар Дадаев, цо набахтен низамаш даим дохорна.
2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь вийра Немцов Борис Москвахь. 2017-чу шарахь Москварчу тIеман кхело набахтехь даккха 20 шо хан кхайкхийра, оппозиционер вийначу Дадаев Заурна.