Шен ден накъостех хьехамчийн кхеташо кхоьллина шена Кадыровс
"Консультацийн кхеташо кхоьллина Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонехь, цунна юкъагIур бу хьалха мехкан а, кIоштийн а куьйгаллехь Iийна нах», - билгалдоккху Кадыровн пресс-гIоьнчалло.
Хаамо бахарехь, Iедална мехкан экономика, политика, юкъараллин гIуллакхаш дIакхехьа некъаш хьоьхур бу кхеташоно, «мехкан куьйгалхочо сацамбина оцу нехан зеделлачух, хаарех пайдаэца».