Министрийн кабинетна, кхелашна, регионашна цхьа де делла Конституцехь бечу хийцамех хетарг довзийта
Шинарин дийнахь журналисташ хаттар дира президентан Путинан пресс-гIоьнчига, стенца доьзна ду конституцехь хийцамаш беш оццул йоккха сихо эшар. Президентан лаамаш массарел а хьалха кхочуш беш хуьлу, дара Песковс делла жоп.
Путин Владимира кху беттан 15-чу дийнахь, ша Федералан Кхеташоне дIахьедар деш, элира, Конституци юкъа ша хийцамаш балон дагахь хиларх лаьцна. 20-чохь чуелла цо оцу хийцамийн проект. Церан хьалхара ладегIарш Пачхьалкхан Думехь чекхдевлла оршоьтан дийнахь, ткъа шолгIа ладегIарш хир ду тIебогIучу баттахь.
Думера «Цхьаалин Оьрсийчоь», ЛДПР, «Нийсонан Оьрсийчоь» партийн фракцеш кийча ю президентан лаам къобалбан. Компарти цкъачунна къасталуш ю шена хетачуьнца, цуьнан векалша бахарехь.