Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

Жоьжахате экскурси. 1995-чу шарахь Соьлжа-гIалахь динчу тIелатарх

Жоьжахате экскурси. 1995-чу шарахь Соьлжа-гIалахь динчу тIелатарх

Материал зорбане яьккхина "Свобода" Радионо

1995-чу шеран Дечкен-беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIала боьдучу новкъахь тилалур вацара: цхьа шатайпа маяк хиллера, ишта а кхоьлина, стигал макхъеш гIаьттинчу Iаьржачу кIурх. ЦIе кхерстара мехкадаьтанах а, резервуарех а, бурух а. Карзахъяьллера "керлачу шеран" я цIе яхна "Iаьнан" Соьлжа-гIалахь 1994-чу шеран ГIуран-беттан 31-чу буса дуьйна йолийна штурм, яздо "Свобода" Радиос.

Бакъду, хIуммаъ хала дацара оьрсийн эскаро гоне ерзийначу нохчийн шахьара кхача – ГIалгIайчуьра Соьлжа-ГIала, тIаккха Минутка олучу майдане кхача.

Слепцовскера Соьлжа-ГIала боьдучу новкъахь кехаташка хьожуш стаг а вацара, цхьа а блокпост яцара. Бакъду, гIала чувуллучохь бетонан блокех йоьттина ГАИ-н пост яра, ха деш стаг а воцуш. Некъ маьрша бара, "Останкинехь" гIала федералан эскарша дIалаьцна ю баьхнехь а.

Йоллу Нохчийчоь а, Соьлжа-ГIалин кхоалгIа дакъа а оьрсийн эскарша шайн карахь латтош ду бохуш, официалан хаамаша а чIагIдора. Делахь а, муьлххачу а нохчийн эвлахула паргIат дIасалелаш гора герзах боьттина меттигера бахархой, хетарехь, цара ца доьшуш хилла газеташ, цундела хууш дацара, шайгара герз тоххара охьадиллийтина бохуш, хаамашкахь яздийнийла.

Соьлжа-гIала дIакхаччалц аьтто ца хилира новкъахь цхьа а оьрсийн салти ган…

Советан заманара "Адамаш, ларбейша машар" аьлла, кхайкхамбеш, йоза дара гIала чувуллучохь лаьттачу стела тIера къаьсташ, хезара лелха герзаш а.

Массанхьа а дIаоьхучу газан хьожа яра лаьтташ, газан факелш гора йогуш: бIеннашкахь коммуникацеш йохийна яра, хIора цIенна тIехула гора йогучу газан йоьгIна факел.

Соьлжа-гIалин урамашкара сурт баккъал а апокалипсе дера: херцарш, тийна, чохь са доцу гIала, йохийна бронетехника, массо а маьIIехь дIасалела меца жIалеш. Гергара хезачу лелхийтарх ца къехкара уьш, штурм йолийначу юьхььехь байинчу оьрсийн салтийн декъий тIе ца кхийдийта шаьш къахкийча, дера летара жIалеш, чу а хехкалуш, кIомсарш а гойтуш.

Къапалгаш, къапалгаш, къапалгаш, хьо гIалин юккъе мел кхочу гора хьуна дуккха а аьтта, охьахерцийна гIишлош. Цивилизацина хIоттийна хIоллам бу моьттур дара, ткъа хIара гIала-м дукха хан йоццуш кхиаме, дийна яра. Моьттур дара, муха кхаьчна а ца хууш, Сталинградах я Берлинах лаьцначу кино чохь ду хIара хьал.

Лаьтта тIехь хилла гIала шен керлачу, лаьтта бухарчу дахаре йирзинера хIинца. Лаьтта бухарчу ларми чохь бехара нах. Со Iадийнера хIетахь: оцу херцаршлахь цхьа са дийна хир ду ца моьттура суна. Дукха бара уьш. Зударех, къанойх, берех, кхиазхойх йоьттина яра массо а лармаш.

Лаьтта бухара нах… Дукхахберш оьрсийн къена зударий а, пенсхой-божарий а бара. Доккхачу декъанна цхьаболу гIалара нохчий дIабаханера ярташкарчу шайн гергарчу нахе, ткъа кхеран баха меттиг а яцара. Маьрша нах цхьаммо а гIаличуьра ара ца баьхнера, ткъа лаьтта бухахь эзарнашкахь, эзарнашкахь бара нах.

РогIера тохарш дIадерззалц сайн белхан накъостца цхьана ларми чохь висинера со, ткъа дехьо бер деш яра 17 шо долу йоI. Цул а цхьа шо воккха вара цуьнан мар. Оха хоьтту, хьалххе гIаличуьра хьайн зуда ара стенна ца яьккхира ахь. "Тхуна дагахь а дацара оьрсийн салташа маьршачу нехан хIусамашна тIе еттар ю аьлла",- жоп ло цо.

Эххар а мохь болу мискачу нехан: "Маца дIадоьрзур ду-те хIара гIуллакх?, - бохуш, саццаза еттачу бомбанаша собар кхачийначу. Хетарехь, тхо Iедалхойх нах ду моьттинера царна.

"Ма доккха хIума ду хIара, тхуна тIееттачуьра совцуш банне а бац уьш! И летчикаш фашистел а къиза бу-кх. Дукха дика дехаш дар-кх тхо аш бомбанаш етталц", - бохуш, яппарш йора цара.

"Ельцина гIаличохь бисина маьрша бахархой бан а бац ма бохура", - элира сан накъоста, кхин ала хIума а ца карийна. – Кхузахь массо а лармаш чохь нах ма бу, - мохь хьоькху тхуна тIе. – Тхо стенга дIагIур дара, тхо дахкаре хьоьжуш мила ву? Я стенгара дер дара тхуна некъана дала ахча а, тхуна пенсеш даланза а ю ши шо сов хан…"

Минутка олу майда юьзна ю герзах боьттинчу нахах: керлачу, цIеначу духарца болу и нах цхьа лерина генна цхьанхьа-м хьуьйсуш лаьтта.

"Парадан тIемалой" олурш бу уьш: тIаме баха сих ца ло уьш, бакъду дукха лерина, дог догIуш суьрташ дохуьйту цара шайн, "Воздух!" аьлла, мохь беача, ловчкъа дIа а хьовдуш.

Ткъа билггал болу гIаттамхой – ченех буьзна, тIехь боьха, хIоьттина бу. Оьрсийн тобанашка диллича, хIорш кIезиг хета хьуна. ДIоггара деза герз а ца го цаьргахь: автоматаш, пулеметаш, гранатометаш, куьйгайина гранаташ. Бакъду, хетарехь, йохийначу бронетранспортер тIера схьаяьккхина, "грузовик" олучу машен чу хIоттийначу "зениткех" бIаьрг кхийтира сан… ГIалин коьртачу урамехула - Ленинан проспектехула - нохчийн байракхаш тоьхна, цхьа наггахь  дIа-схьа хоьхкуш цхьа бронетранспортер яра.

Кхул хьалха, 1994-чу шеран Лахьан а, ГIуран а беттанашкахь со кхуза веанчу заманчохь кхул а тIехдика техника гора суна цаьргахь, гарехь, тIемашкахь хIаллакйина хила тарлора иза, ткъа йисинарг гIаличуьра ара а яьккхина, къайлехь дIахIоттийна хила там бара.

Рескомна хьалхара майда - президентан Дудаевн цIийнан цIе яра ишта, Нохч-ГIалгIайн республикан хилла гIишло а, моьттур дара, и цхьа нехийн барз бу: аьттачу тIулгийн цуьргаш, доьхна куьзганаш, цестина машенаш, дассийна патармаш, Iохкуш дара лелхаза танкан хIоънаш, минийн стабилизаторш, авиацин ракеташ.

Нохчийчоьнан Совминан гIишлох йисинчу къапалгашна уллорчу кIелонехь хиъна Iара со а, сан коллега а, деттачу герзашка ла а доьгIуш. Юкъ-кара тIемалой гора шайн къайленашкара ара а буьйлуш, дехьа-сехьа уьдуш.

Юха вогIуш го яьса канистар карахь жима кIант, цунна тIаьххье кхин кхоъ а. Сих-сиха го и сурт: шиъ-кхоъ хийцалуш, хи я тIеман гIирс тIекхоьхьуш тIом бечарна.

"Сталкерша" дIакхоьхьура лазийнарш – и олура шайн "Жигулица" я "Москвичца" маса тIай тIехула а, майданехула а чевнашца берш кIелхьарбохучарех. Дукха хьолахь бронетранспортеро дIакхуьйлура уьш, федералан эскарша шайн карахь мел долу герз тIе а детташ.

Ирча суьрташ дара уьш. Сайн "Зенитца" кхин цхьа ирча хIума лаца а гIоьртира со: лелхаш минаш ю, проспектехула цхьанхьа-м хьаьвдда боьлхуш тIемалой бу, ткъа уллохь лелхаш герзаш доллушехь йогIуш йоккха ши стаг ю, карахь тIоьрмигаш а долуш.

Керлачу шарахь тIемаш бина меттигаш билгалъяьхнера яьгначу бронемашенийн бух тIехь, гонах оьрсийн салтийн декъий. Къаьсттина билгал яра царлахь йохийна, яьгна цхьа машен. НеIарна тIехь къаьсташ лоьмар яра – "684". БIовн буьххьехь Iаьржа манекен санна гуш яра даьгначу адаман чалх. Цуьнан дахарх кхерстина цIе жоьжахате, къиза хиллера. Цуьнан туьтано ца лайнера и: боллу  хье цхьалха баьккхинера.

БМП-н аьрру неI йиллина яра, ткъа тIеман машенан тIехьахь Iохкура цхьа барз пулеметан ленташ, Iаржделла, лелийна…Стоммачу сирчу чимлахь даьгна, эмбрионан хьесапехь хьаьрчина адам дара…

Сайгахь бисинчу ницкъаца сайн фотоаппарат хьала а айбина, масех сурт даьккхира ас. Гена доццуш цхьа барз минаш а лилхина, со юкъахваьккхича, гIадвахара со. Лаьтта охьа а воьжна, асфальтах дIаийра со. Экипаж Iалашъян ницкъ ца тоьъначу, йохийначу БМП-н агIоно ларвийра со геригех.

Масех бутт баьллачул а тIаьхьа юха а карлаелира суна мацахлера драма – "684" лоьмар йолчу БМП-2 машенан экипажца - дийначаьрца а, беллачаьрца а, тIепаза байначаьрца а.

1995-чу шеран аьхка Самарехь, тIеман госпиталехь Нохчийчохь йинчу чевнашна дарба ден капитан Мычко Виктор вовзийтира суна. Цуьнца къамеле ваьлча, Соьлжа-ГIалана йинчу штурмех дуьйцучу хенахь, айса даьхна суьрташ гайтира ас. Цхьана суртах тасавелира Мычко: "ХIара сан машен ма яра! БIов тIехь майор Белов вара, тхан батальонан штабан хьаькам! ГIуран-беттан 31-чохь йохийра тхан машен…", - аьлла, тIетуьйхира цо.

Цул тIаьхьа кхин а масех де даьлча, оццу Самарехь со лоьхуш хиллачу МихайловгIарна Надеждина а, Александрна а тIеIоттавелира со: "Собеседник" газетехь ас зорбане даьккхина яьгначу бронемашинан ирча сурт гина хиллера царна. Цу чохь хиллера церан кIант, сержант Михайлов Андрей. Оцу бахьанашца бовза таро хилира сан йоллу экипажан кхоллам.

81-чу мотокхоссархойн полкан шолгIачу батальонан БМП-2 хиллера иза. Оцу бале даьллачу, ГIуран-беттан 31-чу дийнахь цу машен чохь хиллера майор Белов Артур - батальонан штабан куьйгалхо а, цуьнан гIовс - лакхахь цIе яьккхина Мычко Виктор а, механик - Казаков Дмитрий а, зIенча, сержант Михайлов Андрей а.

Оцу машенчуьра дийна висинарг цхьа Мычко хиллера. БIов тIехь ваьгнарг майор Белов Артур вевзинера 1995-чу шеран Чиллан-баттахь, Соьлжа-гIалара йохийна, яьгна бронетехника арайоккхучу заманчохь.

Пхьаьрсах хиллачу сахьтаца, аьлча а, сахьтах йисинчу меженашца  а, полк Германехь лаьттачу хенахь цо эцна хиллачу хечех доьхкачу доьхканца а, цергашца а, букъдаьIахках йиллина хиллачу пластинаца а вевзинера иза.

ТIаьхьо хиира суна, Белов Артур Афганистанехь эскаралла дина хилар а, совгIат дарх а цунна, ишта тIеман декъехь тоьллачу эпсаршлахь цIе йоккхуш иза хиллийла а.

Мычко Виктора тхойшиннан хиллачу къамелахь дийцарехь, цхьа а тIеман омра дина ца хиллера царна цхьаммо а. "Раци чухула: гIали чу гIо алар доцург. Зеразакъаш лелориг Казаков вара, Михайлов юьххьехь вара, радиостанцина уллохь. Ишта со а, Белов а  вара цу чохь".

Дийнахь шийттолгIачу сахьтехь кхечира  Соьлжа-гIала. "Долчух ма-дарра тхо кхета а ца кхийтира. Цхьа кхосар ян а ца ларийра - я пушка, я пулемет, я автомат кхоьсина а. Къаьхьа къемат дара иза. Тхуна цхьа хIума а ган а ца гира, тхуна тIеетташ хиларна егайора тхан машен. Массо а маьIIера кхийсарш йора тхуна - могуш цу чуьра арадовла лаар бен, кхин коьртехь хIума дацара тхан.

Дуьххьара тоьхначо раци йохийра тхан, зIе хедира. Полигонехь гIакхна санна тIе герзаш деттара тхуна. Дуьхьалоян а ца гIертара тхо, оха мича тухур дара герз, мостагI гуш ца хилча. Ткъа тхо кераюкъахь санна дара царна. Цхьа ирчачу гIенах санна дар-кх и дерриг а. ХIинца а ойла йича, цхьа дехха и хьал лаьттича санна хета суна, масех миноташкахь бен хилла доццушехь. Машен йогуш ю, тхуна тIейиттина. Лакхара люк елла хьаьдира Белов, суна тIехула цуьнан цIий охьахьаьдира - я даьндарг кхеттера цунна, я гериг, бIовна тIе кхоза веллачохь висира иза. Машенчуьра араиккхира тIаккха со а…"

ХIетахь чевнаш йина хиллера Мычкона а.

 "ГIодаюккъалц люк чуьра аравелира со, цIеххьашха лазар иккхина, юханехьа чувуьйжира, кхетамчуьра а волуш, кхин суна хIуммаъ а дага ца догIу. Со меттавеача, цхьана ларми чохь вара со, дийцарехь, президентан Дудаевн цIа дара иза. Куьйгаш тIера а лаьцна, БМП-чуьра хьалаваьккхина хиллера со нохчаша…"

Цуьнан некхан уьнах а, пехех а чекхъяьлла хиллера гериг. Ишта ког а, куьг а лазийнера. Оццу ларми чохь операци йина хиллера цунна нохчийн лоьро, пехаш чуьра ноткъа а йоккхуш.

Цул тIаьхьа маьршаваьккхира иза. Хуьйцучарлахь ца хиллера иза, вуьшта, Масхадовн омраца лецнарш маьршабохуш, царлахь нисвеллера иза а.

Бакъду, Казаков Дмитрий а, Михайлов Андрей вацара я дийначаьрца а, я беллачаьрца а… 1995-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 8-чохь экспертизано билгалваьккхина Михайлов Андрей лаьтте кховдийра.

Бакъду, оццу шеран аьхка цуьнан дас а, нанас а соьца хиллачу къамелехь а элира, чалх схьакхачийра шайга, "амма иза тхан кIант вацара" аьлла…

Нохчийчуьра со юхавирзинчул тIаьхьа хIора буса бохург санна, цхьа ирча гIан дара суна гуш юх-юха: майор Белов цхьана а волуш, оцу БМП-на тIех вуьйлуш, уьйдура со. ТIаккха Сунжа олучу хинан тIех а, "Дудаевн дворец" олучу гIишлона хьалхарчу майданехула уьдура, уллохь йогIуш ас лакхахь хьахийна ши йоккха стаг а йолуш...

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Лиды для фрилансеров Golubinbot



Мода

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)




Українські новини

Охорона і Безпека це ОіБ: замовляй охорону в Києві та Харькові



Новости 24 часа

Более 100 студентов посетило СЛД Курск в рамках акции «Неделя без турникетов»



Game News

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Москва

Спасатели в Новороссийске освободили застрявшего в игровом автомате подростка



News Every Day

As residents complain of strong odors, Carroll officials pass moratorium on DAF storage



Авто

Несколько дорог подтоплено в Абатском районе Тюменской области



Москва

Волонтеры Подмосковья участвуют в Международной премии #МЫВМЕСТЕ



The Beatles

«Если прищуриться, мы похожи на The Beatles» // Евгений Цыганов о своей карьере музыканта



Москва

На банковской конференции АБР обсудят финансирование структурной трансформации экономики и отраслевые драйверы роста



Арина Соболенко

Арина Соболенко призналась в том, что не любит женский теннис



Москва

По запросу Баку в Москве незаконно был задержан известный российский политолог Михаил Александров



Алексей Сёмин

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии



Симферополь

Выставка-панорама героической истории "Вехи памяти и славы" ко Дню Победы в Великой Отечественной войне



Москва

Улан-Удэнский ЛВРЗ подвел производственные итоги первого квартала 2024 года



Москва

Сергей Собянин: Развиваем систему здравоохранения



Москва

Улан-Удэнский ЛВРЗ подвел производственные итоги первого квартала 2024 года



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Zoomlion продемонстрировала последние достижения на выставке INTERMAT





Путин в России и мире
Москва

Путин поручил сократить время пути поездов от Москвы до Черноморья до 16 часов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певец

Певца Николая Баскова заметили на публике с обручальным кольцом по цене квартиры в Москве



Москва

Волонтеры Подмосковья участвуют в Международной премии #МЫВМЕСТЕ

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net