Йийсарера зударий маьрша бахар доьхуш Шемара а, Иракъера а 3500 кхайкхам кхаьчна Нохчийчу
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас дIахьедар дина, шега гIо доьхуш Шемахь а, Иракъехь а йисарехь болчу зударшкара а, берашкара а 3 500 дехар кхаьчна аьлла.
ГIо доьхуш дехарш кхочу Оьрсийчуьра а, Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхашкара а, Малхбузера а, шайна юкъахь Америка а йолуш, чIагIдо Саратовас.
Цо дийцарехь, гIо доьхучарна юкъахь 200 гергга бобер ду. Саратовас дехар дина Кадыров Рамзане и нах цIаберзош гIо дахьара аьлла.