КъорIанан аяташ машенаш тIехь яздар доьхкуш ду Нохчийчохь
Машенийн куьзганашна тIе КъорIан аяташ тIехь долу кехаташ ма летаде аьлла, кхайкхамбина Нохчийчуьрчу машенашлелорхошка мехкан Динан урхаллан векало, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.
"Динан говзанчаша дихкина ду КъорIан чуьра деза аяташ машенаш тIехь яздан а, кехаташ лето а, хIунда аьлча, Дала даздинчу дешнашка ларам ца хилар долу дела", - аьлла муфтиятан векало ша бинчу видеокхайкхамехь.