Нохчийчоь: "дохкобевллачийн" рогIера мур
Пародехь дакъалоцурш бакъболчу нахах тарлахь, ларамаза нисделла ду аьлла, билгалдаьккхинехь а, Кадыровх терачу маж йолчу стага "Дуй хьуна" бахахь а, цуьнан цIе йоккхуш яц клипехь. ХIетте а гечдар дехийтира блогере. Цо дийцарехь, цуьнца зIене ваьллачу нохчийн "Грозный" телеканалан директоро Дудаев Ахьмада доллучух а кхетийра иза.
"Дуьненаюкъараллехь а вевзаш волу Кадыров Рамзан юкъахь волуш, беламе видео арахецарна тхайгара ледарло яьллийла хаьа тхуна", - аьллера артисташа.
Цул хьалха "доллу нохчийн къомана хьалха" къинтIера довлар дийхира ингалсан блогеро, Bald and Bankrupt You-Tube-каналан авторо, нохчийн зудаберех "цыпочкаш" аларна. Гечдар доьхуш, видео цо дIаязйинчу хIусамчохь пенах кхозуш ду Путинан а, Кадыровн а суьрташ.
Де хьалха Chp Chechenya Instagram-пабликехь шиммо дехар дина Кадыровга, "хьаштдоцурш яздарна" шайна къинтIера валахьара аьлла. Цу шиннах цхьаммо дIахьедо, шена тIе нах баьхкинера, цара "тIекхиина ша массо а хIуманна" аьлла.
Пачхьалкхан "Грозный" телевизионан директорца, нохчийн куьйгалхочун гIоьнчаца Дудаев Ахьмадца къамел хилира "Кавказ.Реалиин". Хаьттира, нах дохкобахар хьан белхан декхаршлахь дуй аьлла.
- Гечдар доьхуьйтучохь хьо коьрта стаг ву? ТIаьххьара гучубуьйлучу хаамашка ладоьгIча, ишта ойла кхоллало-кх…
- И бохург хIун ду? Ишта урхалла ю?
- Блогеро Тилэкс Сашас бахара, хьо шеца зIене ваьллера, цул тIаьхьа шегара даьллачух кхета а кхетта, дохковелира ша. Кадыров Рамзанах тера турпалхо ву цо а, цуьнан накъосташа а рэперх Тиматих яьккхинчу беламечу клипехь.
- Оха цхьаьнга а дехарш ца до, гечдар деха бохуш. Йа цхьа а бертаза декхаре а ца во. Низамашкахь тхан бакъо ма яц, бертаза стаг дIа а хIоттийна, къинтIера довла бахийта. Дуккхаъ а къаьмнаш дехаш пачхьалкх ю хIара, хIоранна а шен-шен гIиллакхаш а, ламасташ а ду. Цундела кест-кеста нисло, оцу къоман ламасташ цадовзарна, цхьаммо цхьаъ олуш, йа цхьаъ долуьйтуш шегара. ТIаккха цу стаге телефон а тухий, масала, оха олу: "Лараме хьенех-минех, тхан гIиллакхаш а, ламасташ а, тхайн дайн леларш а ахь аьшнашдо хьайгара далийтинчуьнца, тхуна цатов хьан лелар, йа ахь аьлларг". ТIаккхахула цуьнгара иштаниг ца далийтархьама, оха хьоьху тхайн ламасташ. Цул тIаьхьа доллучух а кхеттачу стага, шена къинтIера довла олу.
- Селхана Chp_Chechenya Instagram-аккаунте яьккхинчу видео тIехь къинтIера довлар дехначу шина кIантца а цхьаъ зIене ваьллера? Хьо вара иза?
- Гой хьуна, и нах Нохчийчохь бехаш ца хилча, оха муха тIедожор ду царна нуьцкъаша гечдар дехийтар?! Низамаша могуьйтуш хIума ма дац иза… Дера Оьрсийчоьнан массо а хIуманна тIехь бакъонаш а йолуш субъект ю Нохчийчоь, хIара регионехь тхан векалт ю.
- ХIаъ, оцу нахаца цхьаъ зIене а вуьйлуш, бертаза камерана хьалха уьш хIиттош санна ду-кх хIара сурт.
- Цхьана агIор ишта дан а ду иза. Цаьрца цхьаъ зIене ваьллера, уьш кхето дагахь. Цара лелориг нийса доций, товш доций а дIахаийтира. Хьуна нийса хета цара лелориг, йа цара дийриг, нагахь санна цара сий дойуш къамелаш деш хилча?
- Со дешан маршонехьа ю.
- Делахь тIаккха хьо а тхан ламасташ а, гIиллакхаш а лоруш йоцуш санна нисло-кх. Мегар дац кхечу къаьмнийн Iадаташ аьшнашдан, уьш ца лара. Дуккха а бу вайлахь Iилма а доцуш, кхетош-кхиийна нах. Нагахь санна, оцу стагера ледарло яьллехь, цо ша кхетта, шена къинтIера довла аьлча, суна-м ца го цигахь вон хIуммаъ. Тхан прокуроро ма оллура: дерриг а низаман гурашкахь ду.
- Iадатах валар а ду низам дохор санна.
- Нагахь санна, оцу стага, масала, цхьанна сий дойуш хилча, цуьнан доьзалх, гергарчу нахах, ненах, йишех, дех хьаштдоцург а аьллехь…
- И сий дайар ду аьлла, хеташ хилча, кхеле хIунда ца довлу шу?
- Нагахь санна, оха белла кхетам оцу стага тIе ца лоций, цул тIаьхьа довлу тхо кхеле.
- ТIаккха, муха хета хьуна оцу "гечдарх" массо а кхаьрдаш хилар? Мем хилла дIадахна иза.
- Шуна шайн агIо бен ца го. Дуккхаъчара олу, дика юкъадаьккхина хIума ду, нахе дага мел деанарг вовшашка ца яздайта а, ца бахийта а. Мелхо а наха баркалла боху-кх, тхуна.
- Стеган дешан маршо хьашар ду ца олу бахархоша?
- Дешан маьршо йохор хир дара иза, нагахь санна, оха бертаза бохуьйтуш хилча.
- Масала, Нохчийчу веанчу ингалсан блогеро Бенджамина, (Bald and Bankrupt You-Tube-канал) нохчийн къоме гечдар дийхира, шен видео тIехь нохчийн мехкарех "цыпочкаш" аларна. Иза хиъна Iачу чоьнан пенах гуш ду Путинан а, Кадыровн а суьрташ. ХIунда?
- Сан кабинет чохь вара иза.
- Хьан кабинет чу стенна веанера иза?
-Ас кхайкхина дела.
- Ахь геччдар дехийта валийнера иза?
- ХIан-хIа, тхайн гIиллакхех, Iадатех, ламастех дерг довзийта кхайкхина вара иза ас. ТIаккхахула хьо цхьана махка, йа регионе воьдучу хенахь, церан исторех, Iадатех, леларх хаарш хилийта хьайгахь элира ас. Доллучух а иза дика кхийтира. Тхан зударийн сий ша дайина хиларх кхеттачу цо, доллу нохчийн къомана хьалха гечдар дийхира шена.