Зудчунна тIе машен а тоьхна, ведда ГIалгIайчуьра вахархо
Ларамаза цигахь нисбеллачу наха сихха, лоьрийн машен а кхайкхина, дарбанан хIусаме дIакхчийна лазийна зуда, хаам бо «Регион online» сайто «Ангушт» Телеграмм-каналан тIе а тевжаш.
Болчу хаамца, цкъачунна карийна вац некъахьовзам хиллачу меттера къайлаваьлла куьгбехкениг. Иза лоьхуш бу полицин белхахой.