ГIирмехь журналистана буй тоьхна нохчийн байкеро
Болчу хаамца, инцидент хилла Симферополь гIалин юккъехь Маркс урамехь. Журналисто Уваровс бехк баьккхина хилла нохчочуьнгара, воккхачу стагана тIе мотоцикл тоххаза ваьлла хьо аьлла. Юха вогIуш юха а, бехк баккха шена дуьхьал ваьллачу журналистана бетах буй тоьхна байкеро.
Цу меттехь яьккхинчу видеона тIехь гуш ду Уваровна жимачу стага буй тухуш а, цуьнан мерах цIий оьхуш а.
Лоьраша дийцарехь, буй кхетча, даьIахк а кагйеш, бат йохийна цуьнан.
Журналистана тIелатар динарг мила ву цкъачунна къастийна дац. ГIирмерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан сервисо бинчу хаамца, хилларг къастош бу полисхой.
Уваровс хьалхо репортаж йина хилла гIалийн юккъехь Марксан урамехь гIашлой дIасалелачухула машенаш а, мотоцикалш а леларх лаьцна.