Нохчийчохь 8 дагестанхо вер Европан кхеле даьккхина
Страсбургерчу кхеле хьажийначу кехаташкахь дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Iедалша Европан адамийн бакъонашкахула конвенцин цхьамогIа артиклаш йохийна хиларх лаьцна.
2016-чу шеран ГIадужу-баттахь айдина Дагестанера 8 вахархо лачкъорах долу гIуллакх. Гиначара тоьшалла дарехь, лецна, кхаа декъе а бекъна, машенашкахь дIабигина и нах. ТIаьхьо церан декъий Нохчийчохь схьакарийна. Iедало бахарехь, машенашкахь хиллачу кегийрхоша герзаш диттина полицина тIе, оцу тасадалехь байина уьш.