«ГIезалойчоь колонин хьелашкара яккха еза вай». Дагалецамийн Денна лерина гулам хилла Казанехь
ГIезалойн юкъараллин центран (ВТОЦ) куьйгалхочун гIовса Нуриахмет Галишана бахарехь, меттигера бахархой боцуш, гуламе баьхкинаера Чувашера а, Башкирера а жигархой.
Акцин декъашхошлахь бара "Хьизб ут-ТахIрир" тобанера ехха хенаш а тоьхна, набахтешка хьийсийначу Башкирерчу 20 жимчу стеган гергарнаш а.
«Къоман меттанаш Iамор эшоро кхачадо Оьрсийчоьнан Федерацерчу къаьмнийн хиндерг», «Этноцид дIаяккхархьама мел хIаллакбан беза шаьш РазингIара?» (Ши бутт хьалха ша-шен вагийра удмурто Разин Алберта Ижевскехь – ред.), «1552-гIа шо – гIезалой дийна бу хIинца а», «Регион яц ГIезалойчоь – дийнна пачхьалкх ю» йозанаш тIехь долу лозунгаш яра гуламхошкахь.
Бахархойн дагахкхеташ дара гуламехь дина къамелаш. Масала, гIезалойн къам маьршадаккхаран «Иттифак» парти кхоьллинчу политика Байрамова Фаузияс хоьттура: «21-чу бIешара чохь стенна беха гIезалой 1552-чу шарахьчул а хала? ХIетахь вайн Iедал доьхна – Казанан пачхьалкх, ткъа тахана духуш ду къам, цуьнан хазанаш, башхалла. Дац вай пачхьалкхехь дехаш, колонин администрацина кIел деха».
«ГIезалойчоь колонин хьелашкара яккха арадовла деза вай. 1552-чу шарахь дуьйна ду къам колонина кIел. Цхьа гIезалой бац оцу режимна кIел – бу марийхой, удмурташ, чувашаш, кхиберш – оха йохае колони, боху, дареде, боху, вай колонехь дехаш хилар», - аьлла дара Байрамован къамел.
«Разин Алберт шен дуьхьа ца ваьгна, вай массеран а дуьхьа ваьгна, иза а вац ваьгнарг – даьгнарг къам ду. Дийна боллушехь богуш бу цуьнца цхьаьна гIезалой, чувашаш, удмурташ, марийхой, якуташ. Вай дара догурш – Разин Алберт вацара, иза ган деза дуьненна», - аьлла дерзийра жигархочо шен къамел.
ГIезалойн юкъараллин центран (ВТОЦ) куьйгалхочун гIовса Нуриахмет Галишана хаамбира, Казанерчу Iедало кехат даийтина шайн юкъаралле, ГIезалойчоьнан пачхьалкхалла ма хьехаде гуламехь, иза экстремизм ю боху, аьлла.
Гуламо шен резолюцица Казанера Iедал декхаредина гIалин керлачу урамех цхьанна «удмуртийн къоман турпалхочун Разин Албертан» цIе тилла.