2-3-4 зуда йолучу кIентех нохчашна хетарг
Муха хета наханна, зударий алссам кхийла беза, аьлла, мехкан куьйгалхоша юха а айдина къамел зийра Маршо Радионо кху муьрехь. "Зуда цхьаъ бен хила ца еза" бохучу тIера "3-4 хила а тарло" бохучу къхаччалц ду бахархошна хетарг. Амма юкъахь массара а эриг цхьаъ дара: хIора зудчуьнца нийсо лело къонах а, вехаш а хила веза массех зуда ерг.