Росгвардин ши белхахо велла шаьш-шайна тIе куьг а даьхьина
Хьалхо "Полицин омбудсмен" телеграм-канало информаци яржийра, Вологдана гергарчу Тотьма гIалахь хадечу декъан буьйранча ваьгна, ткъа Ивановохь велла карийна хан декъан куьйгалхо, аьлла. Ший а бохам хилла пIераскана.
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера Росгвардин структурашка дехьадехира пачхьалкхера хан дакъош 2016-чу шарахь. Церан белхахоша ха до пачхьалкхан а, долахойн а бахамна.