Хангошвили верах лаьцна керла хаам бина немцойн лерринчу сервисаша
Süddeutsche Zeitung гIирсо дийцарехь, Иркутскехь 1970-чу шарахь виначу Соколов Вадим Андреевичан цIарца паспорт шегахь долу зуламхо, Парижерчу аэропорте а веана, цхьана ханна Варшаве вахана хилла, Марсхьокху-беттан 20-чу кхаччалц хьешан хIусамехь чоь а лаьцна.
Цу стага, хаттарна жоьпаш дала ша реза ца хилале хьалха талламхошка хаам бинера, ша Варшаве ваха дагахь ву аьлла.
Оццу хенахь, немцойн лерринчу сервисашна хиина, цу паспорта тIехь волу Соколов Вадим цIе йолу стаг баккъалла а цкъа а хилла цахилар.
Талламхой къастош бу и стаг хьалха адам дерна чувоьллина хилла ву, боху хаам а, ткъа иштта кхечу пачхьалкхан лерринчу сервисо цуьнан бакъйолчу цIарах лаьцна шайга бина хаам а.