Путин: "Кавказера кIентий тIеман дешаран меттигашка дIа ма эца аьлла цхьа а омра делла дац"
"Мелхо а, вайна оьшуш бу Кавказера кIентий армехь, тIеман ницкъашкахь", - билгалдаьккхира мехкан куьйгалхочо. Ша омра а делла, цхьацца Iалашонаш кхочушъян Шема дахийтира леррина Къилбаседа Кавказера тIеман полицин дакъош, тIетуьйхира эскаран коьртачу бюйранчо.
"Цара кхин ца хилла дика кхочуш деш ду шайна хьалха хIиттийна декхарш. Меттигера бахархой царах теша, цара дехарш до цхьацца меттигаш а, динна а ярташ а ларъяхьара бохуш", - элира Путина, хаам бо РИА Новости агенталло.