Ши машен тIеттIакхетта зуда йийна Гуьмсан кIоштахь
Хиллачу некъахьовзамехь кхелхина "Лада-Гранта" машенна чохь хилла 38 шо долу зуда, ткъа цуьнца хилла 29 а, 17 а шераш долу ши зуда охьайиллина ю Гуьмсерчу кIоштан дарбанан цIийнехь.
Хилларг къастош бу полицин белхахой.