ГIалгIайн йоьIан могашалла меттахIуттуш ю куьг дIадаьккхинчул тIаьхьа
Куьг а, белшан дакъа а дIадаьккхинчул Iтаьхьа йоI къамел дан йолаелла, толуш ю, хаамбина Москох хирургин Iилман институтан пресс-гIоьнчалло.
Байначу беттан 4-чу дийнахь кхачийра Iайша Несарарчу лоьрашна тIе. ДегIа тIехь ягийна ларш, хене евлла чевнаш, телхаш лаьтта дилх дара беран. Де даьлча Москох йигира иза.
ЙоIана тIехь къизалла латтийна дейиша, Ганиева Макка, бехктакхаме озийна ГIалгIайчуьрчу Iедало. Талламо бахарехь, вешин йоIана йиллина етташ хилла оцу зудчо.