Хакимова Байсет яларх долу дов талламчашка дижадайта реза яц прокуратура
Прессо бахарехь, мехкан шахьарахь машена кIел а нисъелла, елла Аьрга-Хишкара яхархо. Амма талламчаша иза бакъдац, аьлла доа дIакъовлуш.
Маршо Радионо дийцира хьалхо, Хакимова Байсет машена хьашна хилар къайладахьа гIерта Iедалхой, аьлла.
Тхоьгахь йолчу инйормацица, ши бутт хьалха нисбелла бохам "Минутка" олучу Соьлж-ГIалин декъехь. Сов чехка йогIу механа еза джип тIетоьхна йоккхачу стагна. Цул тIаьхьа цуьнан дакъа леккхачу цIенчу хьала а даьккхина, чукхоьссина, зуда шен бехкенна елла а аьлла хетийта, чIагIдо тоьшалла дечара.