Оппозицин жигархо Саутиева лаьцна ГIалгIайчохь - Медиазона
Цурос дийцарехь, Саутиевана бехке дуьллуш ду Iедалан векалшна ницкъ бар. Цо билгалдаккхарехь, оппозицин жигархо дIайигина Нальчике.
Кхушеран Зазадоккху-бутт чекхболуш Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарна реза боцчу нехан Магасехь митинг хилира, Iедалша бакъо а елла. ШолгIачу Iуьйранна иза тасадаларшка йирзира. Митинге арабевллачу наха дуьхьало йира Росгвардин эскархошна а, меттигерчу полицин белхахошна а.
Цу хьокъехь долийначу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву маситта стаг. Уьш латтош бу талламан изоляторехь.