"112 Украина" телеканалан гIишлонна гранатомет тоьхна Киевехь
Граната кхетта телеканалан "112 Украина" логотипана. Инцидент хиллачу меттехь карийна кхоьссинчу гранатометан турба (тубус). И тIелатар дар толлуш ду терроран акт яр санна.
Низамаш лардон органашка бинчу кхайкхамехь, цIе ца йоккху радикалаш бу шайга редакцин политика хийцийта гIерташ, бохуш чIагIдо "112 Украина" телеканалан жуналисташа.