5 миллиард доллар гIуда тоьхна Facebook-на
Клиентех лаьцна хаамаш ларбан социалан машано цхьамоггIа гIулчаш йохург хиларх лаьцна Комиссино Facebook-ца барт барх лаьцна яздо зорбанан гIирсаша, The Wall Street Journal-на а, Bloomberg агенталлана а тIе а тевжаш. ХIинца иза тIечIагiбан безаш ю Iамеркан юстицин министралла.
Iамеран махкабаран комиссино тоьхна гIуда 5 миллиард бен дац аьлла хаам кхаьчначул тIаьхьа Facebook-н акцеш язйелла. Стохка цу социалан машанна хилла цIена пайда бара 22 миллиард доллар.