ЧIир юьтуш куьйгабахана Нохчийчуьра а, Дагестанера а доьзалш
Къинхетаме хилар, вовшашна къинтӀера довлар Далла дезна гIуллкх хиларх лаьцна дийцира маслаIат дечара. Дуккха а гулделлачу адамо баркалла элира чIир йита реза хиллачу доьзална.
2010-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIираш йитийтар Iалашонца, леррина комисси а кхоьллина, болх байтинера нохчашна юкъахь. 2011-гIа шо чекхдолуш цо дIахьедар дира, чIираш кхайкхорца йоьзна проблема дIаяьккхина ша аьлла. Iедалша чIагIдарехь, цу комиссин декъашхойн аьтто белира шерашкахь схьадохьуш хилла 451 дов дIадерзо.
Цул тIаьхьа и болх, кхин долу дахарехь Iиттало девнаш дIадерзорца цхьаьна, дIабахьарна декхарелахь йира республикера муфтият.