ГIалгIайчохь дарж дитина хьалхарчу вице-премьеро
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан ханна декхарш кхочуш дечу Калиматов Махьмуд-Iелас министрийн кабинетан хьалхарчу вице-премьеран даржера дIаваьккхина Оздоев Багаудин. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло, республикан куьйгалхочун зорбан сервисна тIе а тевжаш.
Дийцарехь, Оздоев балхара дIаваьлла шен лаамехь. И сацам цо бина, кху беттан 10-чохь гIишлошъярехула хаттаршна хьажийна Калиматовс кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа.
Оздоев ГIалгIайчоьнан вице-премьеран дарже хIоттийнера 2011-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь. Цул хьалха иза вара "Кавказмежрегионгаз" урхаллан ГIалгIайчуьрчу филиалан куьйгалхо.