Нохчийчоьнал кхераме меттиг Дагестан а бен яц туристашна -Biletix
Туристаша шайна уггар кхераме хета меттигаш йовзийтина Оьрсийчохь. Цу рейтингехь хьалхара меттиг дIалоцуш ю Нохчийчоьнан дозанца йолу Дагестан. Ша Нохчийчоь ю шолгIачу меттехь, хаам бо "Оьрсийчоь тахана" (Russia Today) телеканало, Biletix онлайн-тревел-агенталлана тIе а тевжаш. Туристшна уггар кхераме лоручу регионашна юкъахь кхоалгIачу меттехь ю Москох, тIаккха Подмосковье, Краснодаран мохк, ткъа иштта Свердловн кIошт.
ЦIераваьлла леларна уггар маьрша хета туристаша Петарбух а, Ленинградан кIошт а.
Кху шарахь Оханан-баттахь, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамашна тIе а тевжаш, "Оьрсийчоь тахана" телеканало йовзийтира 2018-чу шарахь уггар кIезиг зуламаш дина регионаш.
Царна юкъахь хьалхара кхо меттиг дIалоцуш яра Чукотка а (748 зулам), Ненцойн автономин го а (748 зулам), ГIалгIайчоь а (1 655 зулам).
Нохчийчохь 6-гIа яра. Цигахь 2018-чу шарахь динера 3330 зулам.