Кадыровна "Къаьмнийн ДоттагIалла" орден елла Лукашенкос
Минскехь цхьаьнакхеттачу Беларусан президента Лукашенко Александра совгIатйина цунна "Къаьмнийн ДоттагIалла" олу орден. Иза ша ло "кхечу наханна делла ца Iаш, вайн къоманна а доккха ирс кхачийначу стагана", элира Беларусан президента.
2011-чу шарахь, Каддафин МуIаммаран Iедалца уьйрехь хиларна бехкейина, лаьцна кхобу беларусийн тоба Либерчу набахтешкара арабаха аьтто бира Лукашенкона Кадыровс 2018-чу шарахь.