Бакъоларъярхо Титиев Оюб маьршаваьлла
Тахана хенал хьалха набахтера дIахецна бакъолархо, "Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб.
Цунна дуьхаьл а баьхкина, набахтин кевнашкахь иза ларвеш лаьттира цуьнан доттагIий, белхан накъостий, гергарнаш, журналисташ. Набахтера араваьллачу Оюба элира, ша дикачу хьолехь а ву, паргIатонах воккха а ве.
Журналисташа хаьттира цуьнга, дагахь вуй иза юха а бакъоларъярхойн могIаршка хIотта. Ша оцу новкъара ваьлла вац цкъа а, я и болх бита лерина а вац, элира Титиевс.
Амма билгалдаьккхира бакъоларъярхочо, "Мемориал" Нохчийчохь кхин Iийр яц, амма "болх вуно дукха бу", аьлла. Уггаре хьалха муьлха гIуллакхаш кхочушдан деза цуьнан, хаьттича, жоп делира: "ЦIахь-чохь ду сан гIуллакхаш цкъачунна".
Кху беттан 11-чохь Шелан кIоштан кхело сацамбира Титиев Оюб хенал хьалха набахтера мукъаваккха.
2019-чу шеран Зазадоккху-баттахь наркотикаш лелорна, аьлла, 4 шо хан туьйхира цунна.
Политикаца доьзна ду цунна дина таIзар, чIагIдора Титиевн адвокаташа а, белхан накъосташа а.