Соьлж-ГIалахь зуда йийна некъахьовзамехь
Чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, и бахьана долуш йийна ВАЗ машена чохь хилла 57 шо долу зуда. Цу машенна урхалла деш хилла стаг а, цу чохь хилла 12 шаре яьлла йоI а реанимацехь ду Соьж-ГIаларчу республикан клиникан дарбанан цIийнехь.
Тойотан шофёр лаза ца веш кIелхьарваьлла. Хилларг толлуш ду полицино.