Халидовна тIехIоьттина цуьнан доттагI Смоляков
Смоляковс дийцарехь, Халидов миллионер ву, цунна оьшуш дац лечкъийначу машенашна тIехь ахча дан гIерта. Цул сов цу шинан юкъахь гIишлошъяран а, хIусамашца йоьзна а бизнес а, ресторанаш а ю.
Халидовца нисделларг цунна машенаш дукха езарца доьзна ду, билгалдоккху Смоляковс.
Халидов Мамед Польшин ММА латархо ву Нохчийчуьра орамаш долу.
1997-чу шарахь 16 долуш кхаьчна иза Польше. 2009-2018-чу шерашкахь 42 латарехь Халидов тоьлла 34-зза. Шен спортан карьера дIаерзийна цо 2018-чу шарахь ГIуран-баттахь.
Халидовна бехке дуьллуш ду лекъийна Польше ялийначу езачу машенашна харцонца кехаташ дахар.