Бизнесхо Калманович вер толлуш лаьцна ши гIалгIа
ГIалгIайчуьра ши вахархо лаьцна, 10 шо хьалха бизнесхо Калманович Шабтай верца доьзна толлучу бехктакхаман гIуллакхехула. Талламхочо дийцарехь, и стаг вер вовшахтоьхнарг лаьцна ву, делахь а цуьнан цIе йовзуьйтуш яц зорбанан гIирсашна.
Иза воцург Мангалан-беттан 6-хь лаьцна Костоев Жабраил а, Белхороев Iела а. Цу шиннах цхьаъ - 40, ткъа важа 37 шо долуш ву. Цу шинна бехке дуьллуш ду стаг вер а, бакъо а йоцуш, герз эцар а, дохкар а, хаам бо REGNUM агенталло, Оьрсийчоьнан талламан комитетана тIе а тевжаш.
"Кавказ.Реалиино" яздарехь, Калманович вийра 2009-чу шарахь Лахьанан-беттан 2-чу дийнахь. Талламан версица, Lada Priora машенахь хиллачу зуламхоша герз диттира бизнесхо чохь волчу машенна Москох "Смоленская набережная" урамехь. Калманович вийначу меттехь карийра 9 миллиметран калибран 19 патарман чкуьйриг.