Бакъоларйархой: Бакаев Зеламха вийна нохчийн ницкъахоша
Нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха, 2017-чу шарахь тIепаза вайна хилла, вийна нохчийн ницкъахоша. Цунах лаьцна дуьйцу "СК SOS" Кризисан тобано шен талламехь. Гомосексуал ву аьлла шеконаш кхоллайелла, цунна тIаьхьа бевлла хилла нохчийн полисхой, тешна бу бакъоларйархой. Шен дукхахйолу йолу хан Москвахь дIахьора цо, иза тешаш вацара, ша вуьйр ву аьлла. Кхерам лаьтташехь, Зеламха Оьрсийчохь висира шен цомгаш нана дIа ца таса. Организацица къамел динчунна хетарехь, Бакаев "дIавелла" хила тарло цуьнца уьйрашкахь хиллачу жимчу стага ... Читать дальше...