ГIалгIайчохь батIалхьажойн хIусамех хьийсина, нах а лецна
ГIалгIайчохь батIалхьажойн вежараллин декъашхойн цIийнех хьийсина, лецнарш бу. Церан гергарчара чIагIдарехь, герз а, наркотикаш а тийсина царна. Шаьш суфийн шейхан тIаьхье лору батIалхьажой, бакъоларъяран органаша бахарехь, бехке бу цхьа могIа зуламаш лелорна, иштта ГIалгIайчоьнан экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна а. ГIадужу-беттан 31-чохь ТунгуевгIеран цIийнах хьоьвсина. Ши ваша дIавигира полицин декъе, амма цхьаъ суьйранна цIа ваийтира, шолгIачунна ши тапча а... Читать дальше...