Оппозицин блогерша яздийриг доьшура. Лачкъийначу Соьлжа-ГIалин вахархочун гIуллакх муха толлуш ду кадыровхоша
2020-чу шеран аьхка белхан меттигехь – Соьлжа-ГIалин юккъерчу суши-барехь - лачкъийра 33 шо долу Умаров Мовсар. Иза къайлаваьккхинчу шолгIачу дийнахь хаамбира, оппозицин нохчийн блогеран Абдурахманов Тумсон роликашка хьежарна Ленинан кIоштарчу полицин декъехь ву аьлла. Иштта шеконаш хиллера цунах, регионан куьйгалхочунна а, цуьнан гонна а луьйш видео 1АДАТ телеграм-канале хьажийна аьлла. Лачкъийначун вашас Умаров Мусана хьалхо дийцира Кавказ.Реалиига: хьалхарчу сахьташкахь доьзало орца даккхарх... Читать дальше...