Джумаевн адвоката апелляци йина кхелан сацамна
ОМОН-ах латарна хан кхайкхийначу Джумаев Сайд-Мухьаммадан адвоката Мусаев Мурада латкъам бина кхелан сацамна. Цо билгалдаьккхина, эшам хилла аьлла кхелехь дакъалоцуш хилла ницкъаллин структурийн белхахой юхабевлла хилар, цуьнца вас яц шайн – я гӀиллакхца а, я бахамца а йоьзна аьлла. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узел" зорбан гIирсо. Хан тоьхначуьнан нанас Мархиева Лизас дIахьедина, шен кIант оппозицица юкъаметтигаш лелийна вац, ткъа дуьхьалонан акцехь ша а, кхиболу нах а ларбан гIоьртинера иза ницкъаллин структурийн белхахойх аьлла. Читать дальше...