Минанийн картина дуьхьал Азербайджано 15 йийсархо дIавелла Эрмалойчоьне
Ша Эрмалойчоьне 15 йийсархо дIавелла цо шега къовсамехь йолчу Ломан Карабахехь минанаш йоьхкинчу меттигийн карта дIакхачорна, боху Азербайджано. Шоьтан дийнахь, Мангал-беттан 12-чохь, и информаци бакъйина Эрмалойчоьнан премьер-министран декхарш кхочушдечу Пашинян Николас. Цо бахарехь, барт кхочушбина. Ломан Карабахерчу Агдаман кIоштахь минаш йоьхкина 100 эзар меттиг гойту картано, хаам бина Азербайджанан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Гуржийн Iедалхой тоьшаллехь а болуш, Азербайджанан-Гуьржийнчоьнан... Читать дальше...