Макрона Руандин бахархошка къинтIерабовлар дехна 1994 шеран хиламашца доьзна
Еарин дийнахь Францин президент Макрон Эммнуэла къинтIерабовлар дийхира руандахошка 1994-чу шарахь 800 эзар тутси къоман наханна тIехь гIаттийна геноцид юхаяккха шен пачхьалкх цагIортарна. Руандин Кигали шахьарахь, геноцид бахьанехь велла 250 эзар стаг дIавоьллинчу дагалацаман комплексехь къамел деш Макрона элира, ша къинхетам боьху 1994-чу шарахь Iазап лайначу нахе. Цо бохура, Францино тIеоьцу ша конфликт йижош тоъал дакъа ца лацарна тIехьарчийна бехк, амма шен пачхьалкх ца хьийзира геноцид хIотто аьтто беш. Читать дальше...