Францин Iедална юха а тIеIаткъамбо "можачу жилеташа"
Автомобилан ягорган налог охьаяккхар ду цара уггар коьрта Iедалхошна тIедиллинарг. Iедал цхьадолчунна шайна тIетайннашехь, манифестацеш шоръеш, лозунгашкахь гулбеллачара президенте Макрон Эмануэле дарж охьадилла бохуш, бен кхайкхамаш а хезара.
ТIаккха Макрона дIахьедира, экономикан реформийн гIараялаза программа кхи дIахьур ю ша, юкъараллехь къепе Iалашъярехь кIеда хир вац ша аьлла.
Карарчу заманчохь протестхойн полисхошца хиллачу тасадаларшкахь лазийна цхьа эзар гергга полисхо.
Манифестхошлахь иттанашкахь бара чевнаш йинарш. Масех протестхо велла меттиг а бу.