Питанашца къийсам латто зорбанан гIирсашна хийцамаш оьшу - Кадыров
Цу хьокъехь оьшуш йолу проекташ кечъяр цо тIедиллина "Грозный" телевизионан куьйгалхочун Дудаев Ахьмадана.
"Тахана Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а мостагIша шайн караэцна харцо а, питана а, хаамийн питанаш а, юкъараллана а, кхечу пачхьалкхийн бахархошна а харц хаамаш бала гIертар а, эхь доцуш баккъалла а дерг харцхьадоккхуш. Тешна ву, журналистийн кхоллараллан ницкъ а, хьуьнар а тоьар хиларх, цу зуламна дуьхьало ян а, ткъа эшахь оьшуш долу цхьатера дуьхьар тохар дан а", - даладо ТАСС агенталло Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан дешнаш.