МухIажираш баракашчуьра арабохуш бу Несарарчу Iедалхоша
Баракашчуьра арадевлча дIатардала меттиг бац шайн, цIенош эца ахча а дац, бохуш латкъамаш цу наха. "Мемориалан" белхахочо Акиев Тимура дийцарехь, цу тайпа латкъамаш мухIажирашкара сих-сиха кхочу бакъонашларъярхошка. Делахь а цул тIаьхьа Iедалхоша и нах юха а цхьана ханна Iадбуьту шаьш болччехь.