Малхбузера йохка еана нехча хIаллакйина Нохчийчохь
![Малхбузера йохка еана нехча хIаллакйина Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/4187540F-C049-4182-B1E8-79CB723C56DC_cx0_cy11_cw93_w800_h450.jpg)
Россельхознадзоран Нохчийчуьрчу урхаллан белхахоша кхачанан туьканашкахь талламаш бина, кхечу пачхьалкхашкара деана санкцешна кIеллахь долу сурсаташ лоьхуш.
Соьлж-ГIалахь меттигерчу вахархочун долахь йолчу туьканахь 100 гергга кила нехча карийна царна, Евробертана юкъайогIучу цхьана пачхьалкхера йохка еана йолу.
Iедалхоша сацам бина и сурсат дIадаккха.
"Грозный-информ" сайто бинчу хаамца, Россельхознадзоран Нохчийчуьрчу урхаллан говзанчо деллачу омрица, тIехула еза машен а хихкина, нехча лаьттах йоьллина цуьнан белхахоша.
И тайпаниг, хетарехь, дуьххьара деш ду Нохчийчохь.