Хенал а хьалха ша араяккхар дехна Карауловас
Вологодскан кIоштарчу колонехь таIзар токхуш ю Караулова. Адвокато кхелахошка чуделлачу кехат тIехь билгалдаьккхина, ша хIинццалц чохь яьккхинчу хеначохь набахтен низамаш ца дохош, колонин администрацино совгIаташ деш, кхечу тутмакхашца девне а йоцуш, схьайогIуш ю йоI аьлла. Ишта Москварчу университетехь юриспруденцин факультетан кхоалгIачу курсехь доьшуш а ю иза, чIагIдо адвокатан дешнашца ТАСС агенталло.
"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета йоьду Москвара яхархо Караулова Варвара 2015-чу шарахь Туркойчоьнан а, Шемин а дозанехь лаьцна, юхаялийнера. 2016-чу шарахь Москварчу кхело набахтехь даккха 4, 5 шо хан кхайкхийра цунна.