Крайстчёрчехь бусалаба нах байарна кадам бина дуьненерчу лидераша
Дуккха а пачхьалкхийн лидерша кадам а бина, шаьш эргIаддахна хилар а хаийтина Керлачу Зеландехь терроран тIелатар дарна. Цу ирчачу зуламехь кхелхина 49 стаг, иттаннаш бусалбанаш чевнаш хилла бу.
ТIелатар дина Крайстчёрч гIаларчу шина маьждигехь. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда дIахьедар дина, хилларг "къемате нах байар" ду аьлла.
Кадам беш телеграммаш а яхьийтина, дIахьедарш а дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, Британин премьер-министро Мэй Терезас а, Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа а, кхечара а.
Бусалбачу наха дерриг а дуьненчохь емал дина терроран тIелатар дар. Дуьхьалонан акцеш хилла Бангладешан коьртачу гIалахь Даккехь а, Индерчу Мумбаи гIалахь а, Пакистанерчу Карачехь а.
Австралехь а, Британехь а кхелхиначеран тезеташ лоруш охьаяхийтина байракхаш.